Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Хьайн лаамца къинхетам бехьа Цийон-гІопах, Ярушалайман пенаш ирахІиттадехьа. Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттор ю, ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхІуттур ву. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. ДІасабаьржина болу исраилхой схьагулбеш волчу Хьалдолчу Эло боху: «Гулбинчарна тІе кхин а гулбийр бу Ас». Кхечу мехкашкарчу наха хьан пенаш дуттур ду, церан паччахьаша хьуна гІуллакх дийр ду. Со оьгІазвахча, Ас таІзар дора хьуна, амма хІинца Сайн дикаллица хьоьца къинхетаме хир ву Со.
Выбор основного перевода