Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деза детташ, къамелаш ма де, ма ала кІоршаме дешнаш! Веза Эла массо а хІума гуш ву. Нехан массо а гІуллакхашна нийсонца тІе а хьожу. Кхардамца кхечарах лаьцна вон къамелаш до цара. Дозаллаш дарца нахана гІело яран ойланаш йо цара. Цара шайн баганаш стигалшка хьала а йохуьйту, церан меттанаш лаьттахула дІаса а даьржа. Со цу маІашка хьоьжуш вара. Цу хенахь оцу маІашна юккъехула кхин а цхьа жимо маІа хьалаелира, ткъа хьалхалера кхо маІа цунна хьалхахь орамашца бухъехира. Цу маІана тІехь бІаьргаш дара, адамийн санна а долуш, кура къамел деш бага а яра». Иза Веза Воккха Дела емалвеш а хир ву, Веза Воккхачу Делан нахана таІзар а дийр ду цо. Церан деза денош а, Іедал а хийца гІертар ву иза. И нах цуьнан кара дІалур бу зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц. Шу гІалатдохуш берш, шаьш сунтбина а ца Іаш, баьІна а хилахьара!
Выбор основного перевода