Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма пирІуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгІна, Исраилан халкъ дІахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дІа а хоьцур бац». Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Іамал ян? ХІун пайда болу доІанца Цунна тІе верзарх?“ Нагахь санна хІинца дуьйна шаьш кийча хилахь, шайна маІийн, шедагийн, дечиг-пондарийн, мерз-пондарийн, зурманийн а, иштта кхин йолу массо а тайпанарчу эшарийн гІирсийн аз ма-хеззинехь, охьа а эгий, сужда делаш аса дІахІоттийначу деших диначу суьртана. Амма аша Іибадат ца дахь, цу сохьта цІиййиначу пеша кхуссур ду шу. ТІаккха муьлхачу дала кІелхьардохур ду шу сан куьйгах?»
Выбор основного перевода