Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тІамана кийча волу а, Даудана гІо дарна тІехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000); Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац! Церан дегнаш хІаллакдаран лаамех дуьзна ду, церан къамкъаргаш дІаделладелла кешнаш санна ю, шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара. Со ган веаначун хабар гуттара а даьсса хуьлу. Шен даг чохь цо вониг латтадо. Ара а волий, сох лаьцна цо эладита даржадо. Цуьнан бага даьттанал а кІеда ю, амма цуьнан даг чохь мостагІалла ду. Цуьнан дешнаш зайтдаьттанал а кІеда ду, ткъа уьш, баттара даьхна тарраш санна, ира ду. Кхетамо хьо нахаца лелачу зудчух ларвийр ву. Иза, оьздангалла йоцуш а лелаш, шен мерзачу дешнашца хьо леван гІерта. Церан меттанаш Іожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Іехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо. ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хІуманна тІехь чІагІо а йоцуш.
Выбор основного перевода