Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бакъахьа леларш оцунах эргІадбуьйлу, бехк боцурш Іесачунна карзахбуьйлу. Стигалара охьа ма воьжна хьо, Іуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! Хьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гІант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тІехь охьахуур ву со. Стигалан Іаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дІатарлур ву со“. Везачу Эло соьга Шен Маликана хьалха лаьтташ волу коьрта динан да волу ЮшаІ а, иза бехкевархьама цунна аьтту агІор лаьтташ долу шайтІа а схьагайтира. Ткъа уьш Іехош хилла долу и иблис цІе яьлла богучу саьмгалан Іам чу тесира. Цу Іам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Іазап хьоьгур ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода