Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас динчу диканна вон до суна цара. Сан са а ма дуьту дІатесна цара. Ас дечу диканна дуьхьал суна зулам дийраш, аса дика дешшехь, суна дуьхьалбовлу. Диканна дуьхьал вон дечу стеган хІусамера вон цкъа а дІадер дац. Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тІера дІаяккхийтархьама. Парушхой а, Іелам нах а, оьгІазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Іийсана хІун дийр дара бохуш. Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш.
Выбор основного перевода