Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кІант а со вен араваьлла хилча, хІокху бен-яманхочун хІун бехк бу? Іадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. Тахана сан бала Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». Сан ялхой самукъадоккхуш хир бу, ткъа шу эхьехь хир ду, Сан ялхоша эшарш лоькхур ю, дегнаш чохь хазахетар хиларна, ткъа аша маьхьарий хьоькхур ду, дегнаш чохь сингаттам хиларна, шу доьлхур ду, синош эшна хиларна. Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а.
Выбор основного перевода