Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна корта а ма бетта, Іибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таІзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц таІзар до. Шен халкъана юкъахь бераш я кхин йолу тІаьхье хир яц цуьнан, иза Іийначу меттехь цхьа а дийна вуьсур вац. Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира, Іесанаш Ахьа хІаллакбира, абаденналц церан цІераш а дІаяйира. Лаьттара церан тІаьхье а хІаллакйийр ю Ахьа, адамийн кІенташна юкъара церан хІу а дойур ду Ахьа. ХІунда аьлча Везачу Элана бакъдерг деза, Шен долахь берш Цо дІа а ца туьйсу. qac Тqac*ешаменаш абаденналц Іалашбийр бу, ткъа Іесачеран тІаьхье дІаэккхор ю. Дикачу стагах лаьцна диканна дагадогІу, амма Іесачу стеган цІе дІаер ю. «Царна дуьхьал гІоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цІе а йойур ю, ерриг а тІаьхье а, кІант а, кІентан кІант а хІаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода