Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт. Веза Эла! КІелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах. Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара. Амма харц тоьшалла деш берш дуккха белахь а, Иза вен бахьана ца карадора царна. Эххар а кхин а ши стаг тІевеара. Цара элира: «Тхо теш а долуш Цо элира: „Делан цІа доха а дина, Соьга иза кхаа дийнахь дІахІотталур дара“». ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» ХІунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догІура. Цул тІаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гІаьттина, Іийса а эцна, Пулатана тІе бахара. Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Іийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза». ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхІуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хІинца кхуза а кхаьчна».
Выбор основного перевода