Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хІорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира. Хи тІехула сиз хьаькхна Цо, серлонна а, боданна а юкъара доза а къастош. Ас иштта хІордана доза а къастийра, цунна хьалха догІа тухуш йолу кевнан неІарш а хІиттош. Ас цуьнга элира: „ХІокху метте кхаччалц схьабогІур бу хьо, амма кхузара сехьайовла йиш яц хьан курачу тулгІенийн“. Ахьа латта чІоггІачу бух тІе хІоттийна, иза абаденналц меттах а дер дац. Ахьа царна тІехдевр доцу доза дІахІоттийна, латта дІахьулдан уьш юха ца дахийтархьама.
Выбор основного перевода