Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг! Цо Шен долахь болчеран синош лар а до, Цо уьш Іесачеран карара схьа а боху. Мекара хІилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела. Везачу Элана ца деза Іесачу нехан некъаш, ткъа нийсачу новкъахула леларш Цунна беза. Нахе болу безам а, тешаме хилар а бахьана долуш къинош дІадоху. Везачу Эле ларамах вуьзна хилар бахьана долуш стаг вонах генаволу. Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту.
Выбор основного перевода