Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьаммо сту я уьстагІ, лачкъа а бина, бехь я бохкахь, цо старана дуьхьал пхи сту а, уьстагІна дуьхьал биъ уьстагІ а бала беза. ХІума лачкъо чуваьлла къу цхьаммо вийнехь, къуьнан цІий вийначунна тІехь хир дац, амма дийнахь иза делахь, къу вийначунна тІехь цІий ду. ХІума лачкъийначо ша дина зе дІатакха деза, амма цуьнан дІадала хІума дацахь, цо дина зе меттахІоттош, иза вохка веза. Нагахь къуьнехь цо лачкъийна хІума – сту белахь, я вир елахь, я уьстагІ белахь а – дийна караяхь, цуьнгара ши мах баккха беза.
Выбор основного перевода