Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисканаш Ахьа кІелхьарбоху, ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаІабо. Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш ас дІасовцор бу. Кура бІаьргаш а, кура дог а дерш сайна уллохь хуьлуьйтур бац. Веза Эла! КІелхьардаккхахьа сан са харцлуьйш болчу нехан маттах, эладита лелочеран харцонах. Везачу Элана харцдерг дуьйцурш ца беза, ткъа бакъдерг леладечарна Иза реза ву. Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. ХІунда аьлча шун куьйгаш цІийно бехдина ду, шун пІелгаш – къиноша. Шун баганаша харцдерг дуьйцу, шун матто зуламениг дуьйцу. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь.
Выбор основного перевода