Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьІаьржачу хІиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чІогІа алсам а йоккхуш. ДІайоьддушехь, ешна дІайолу этмаьІиг санна, дІабовлийла уьш. Остаяьллачу зудчун берана санна, царна малх ма гойла. хІунда аьлча хьуна дагахь а доцучу хенахь цаьргара хьуна бохам бер бу. Хьуна хуур а дац цара хьайна хІун бала бахьа. Шех бехк мел баьккхи, оьгІазвоьду стаг цІеххьана дарба ца хиллал тоьхна хир ву. цаьрга дІаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХІара къам а, хІара гІала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дІабухкур бу, кхечу меттехь уьш дІабохка меттиг ца хиларна.
Выбор основного перевода