Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІус жоп делира: «Со вац Исраилан халкъе бала хьоьгуьйтург, ткъа хьо а, хьан ден цІа а ду. Везачу Элан весеташ дІа а теттина, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттина шу. Эли-ЯхІу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагІа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тІаьхьахІитта. Ткъа Иза БаІал велахь, цунна тІаьхьахІитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга. Аса хьаькамех и хІума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цІа дола ца деш хІунда дитина?» аьлла. Цул тІаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гІуллакхаш дан дІахІиттийра. Цу деношкахь ЯхІуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагІар даккхархьама. Иштта шайн варраш тІе цІевнаш а, чагІар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хІуманаш а тІеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дІа а яьхьна, дІайохкархьама. Аса цу нахах чІогІа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хІума дІадухкуш гича. Иштта хир бу сонталла йолчеран кхоллам а, цара аьлларг къобалдечарах хиндерг а. Къа ду вонах дика ду а, диканах вон ду а олучийн, царна боданах серло а, серлонах бода а тарло, къаьхьаниг мерза а, мерзаниг къаьхьа а хета! Шена тІеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? Ишттаниг лелораш хІаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Іаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.
Выбор основного перевода