Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн Аса-паччахьо олалла ден ткъе йолхалгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира БаІшин кІант Эли. Тирца-гІалахь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Паччахьан гІудалкхийн ахдекъан хьаькам волчу Эли-паччахьан ялхочо Зимарис цунна дуьхьал къайлаха барт бира. Цхьана дийнахь Тирца-гІалахь паччахьан цІенна тІехь хьаькам волчу Арцин цІахь маларо вахийна Іаш вара Эли. Оццу хенахь, цу цІа чу а ваьлла, Зимарис тоьхна вийра Эли-паччахь. Иза дара Аса-паччахьо олалла ден ткъе ворхІалгІа шо долуш. Зимари Эли-паччахьан метта паччахь хІоьттира. Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаІшин дерриг а цІа хІаллакдира. БаІшин цІийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагІашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис. Иштта, Везачу Эло БаІшех лаьцна ЯхІу-пайхамарехула аьлла ма-хиллара, Зимари-паччахьо БаІшин цІа хІаллакдинера. И дерриг а хилира БаІша-паччахьо а, цуьнан кІанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. Эли-паччахьан кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. ЯхІудхойн паччахьо Асас паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, хилира Зимарих паччахь. Цо Тирца-гІалахь ворхІ дийнахь паччахьалла дира. Иза дара исраилхойн эскаро пІелаштамхойн Габитун-гІалина го бинчу хенахь. Зимарис паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бина хилар а, цо паччахь вер а исраилхойн эскарна хиъча, цара массара а шайн тІеман хьаькам волу Іумари оццу дийнахь цу меттехь паччахь дІахІоттийра. Іумарис а, цуьнца цхьаьна исраилхойн дерриг эскаро а, Габитун-гІалара дІа а дахана, Тирца-гІалина го бира. Шена гІала дІалаьцнийла хиъча, паччахьан цІийнан чІагІйинчу чухуларчу чоьн чу велира Зимари. Иза, шена тІаьхьа паччахьан цІийнах цІе а тесна, велира. Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гІуллакхаш лелорна а, ЯрбаІама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаІама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. Зимарин кхидолчу хІуманех – цо йина ямартло шена чу а лоцуш – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь. Исраилан халкъ шина декъе декъаделира. Халкъан цхьа дакъа Гинатин кІантана Тибанина тІаьхьахІоьттира, иза паччахь хІотто дагахь, ткъа вуьш Іумарина тІаьхьахІиттира. Іумарина тІаьхьахІоьттинчу халкъо толам баьккхира, Гинатин кІантана Тибанина тІаьхьахІоьттина халкъ эша а деш. Тибани велира, ткъа Іумари паччахь дІахІоьттира. ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла ден ткъе цхьайтталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь хилира Іумари. Цо шийтта шарахь паччахьалла дира. Царах ялх шарахь Тирца-гІалахь олалла дира цо. Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гІалин аьтто боккху, амма Іесачу нехан къамелашца гІалина бохам боккху. Кхаьрдаш болчу наха гІала меттахйоккху, ткъа хьекъал долчара оьгІазалла дІаерзайо.
Выбор основного перевода