Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас чІагІо йо, сайн къинош сайн четахь дІа ца хьулдина аьлла, кхечу адамаша санна, цкъа а сайн зулам ас къайла ца даьхьна аьлла, хІунда аьлча адамийн тобанех со дІакъехкар вара, вист а ца хуьлуш, сайн хІусама чохь сеццал, тукхамашна дола хетарх кхоьрур а вара. Айса къа латадар дІа а ца дуьйцуш, Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Іачу хенахь, хІора денна ас узарш дарна, малъелла дІаяьллера сан даьІахкаш. Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дІадоьллур ду ас». ТІаккха Ахь дІабаьккхира суна тІера сан къинан бехк. Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Выбор основного перевода