Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гІала йоккхаеш хуьлу, ткъа Іесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу. Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гІалин аьтто боккху, амма Іесачу нехан къамелашца гІалина бохам боккху. Іеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хІаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу. Дика стаг куьйгаллехь хилча, халкъ самукъадаьлла хуьлу, ткъа Іесаниг куьйгалле веача, иза узарш деш хуьлу. Иштта, суна кхин а цхьа нийса доцу хІума а гира стигална кІел, тилабеллачу олахоша лелош долу. Цара сонтачу нахана лакхара даржаш лора, ткъа хьолахошна ларамаза йолу меттигаш лора.
Выбор основного перевода