Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гІерта, хІунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига. ТІаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хІусамдас, тІе а веана, хьоьга эр ду: „ХІокху стагана меттиг ло“, – аьлла. Нахана хьалха юьхьІаьржачу а хІоьттина, уггар йистера меттиг дІалаца езар ю хьан. Хьо хьошалгІа кхайкхинчу хІусамехь неІарера меттиг дІалаца, хІусамдега, хьайна тІе а веана, алийта: „ДоттагІа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, – аьлла. ТІаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу, хІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву».
Выбор основного перевода