Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаьнга лалур ду те Иза схьавогІу де? Мила латталур ву, Иза схьавеача? ХІунда аьлча Иза дерриге а лалош йолу цІе санна а, дерриге а цІандеш долу саба санна а ву. Иза дети лалош а, цІандеш а верг санна охьахуур ву. Цо левихой цІанбийр бу, уьш, деши а, дети а санна, лалор бу Цо, хила деззачу тайпана Везачу Элана лерина сагІанаш цаьрга дахийтархьама. Иштта массо а вон долчух цІанвелларг а хир ву лакхарчу гІуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегІа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гІуллакхна кийча а.
Выбор основного перевода