Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь хьайн мостагІчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тІе дІадига деза уьш. Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Іуьллуш хьан мостагІчун вир хилахь, цигара дІа ма гІо, гІо де цунна, и вир юха когаш тІе хІоттош. Хьан вохуьйтур вара шен мостагІа, шена каравеача, маьршачу новкъахула дІа? Везачу Элера ял хир ю хьуна ахьа тахана сан дуьхьа динарг бахьана долуш. Тахана сан бала Везачу Элана дІагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». «ХІан-хІа, ма байа ахьа уьш, – жоп делира ЭлишаІа. – Ахьа-айхьа туьраца а, Іодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цІа дІахеца ахьа уьш шайн паччахьна тІе». Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагІа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тІе догуш долу кІегий гулдо ахьа».
Выбор основного перевода