Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Адаман кІант! ХІара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунах лаций дІаала: „Хьо халкъашна юкъахь къона лом санна хета, амма билггал аьлча, хІорда чуьра саьрмик санна ву хьо! Хьайн хишна чохь хьайн мерІуьргашца синош доху ахь, хьайн когашца хи а даржош, иштта и хи дІаса а детташ“». Шуна ца тоьу ткъа шаьш дикачу дежийлашкахь дежаш хилар? Аша-м дежийлаш тІехь йисина йолу буц шайн когашца хьоьшу. ЦІена хи молу аша, ткъа дисина долу хи шайн когашца даржадо. Сан жено яа еза те аша шайн когашца хьешна йолу буц а, мала деза те аша шайн когашца бехдина долу хи а?»
Выбор основного перевода