Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду. Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш, хІаллакйо халкъийн Іалашонаш. Ткъа Везачу Элан Іалашо абаделлалц лаьтта, Цуьнан дагахь дерг тІаьхьенера тІаьхьене кхочу. Дагахь лерина ойла адаман ю, ткъа багахь делла жоп Везачу Элера ду. Стага шен даг чохь хІума дан лору, амма Везачу Эло цуьнан гІулчаш билгалйоху. Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тІехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?
Выбор основного перевода