Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан ваьІначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХІаманан цІенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бІогІам бу. Иза ХІамана паччахь воьчуьра кІелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хІоттийна бу». ТІаккха паччахьо элира: «ХІаман цу бІогІам тІехь ирхъолла!» Цийон-лаьмнаш тІе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза. Цигахь делла халкъана Везачу Эло Шен декъалдар: хедар доцу дахар. Паччахьан оьгІазалла Іожаллин хаамча санна ю, амма хьекъал долчо иза тевийр ву. Паччахьан сирлачу хьажарехь – дахар ду, цуьнан дика хилар – бІаьста сатийсинчу догІанца еана марха санна ду. Паччахьан дарвалар лоьмо гІигІ дар санна хуьлу. Иза дарволуьйтуш волчо шен дахарна кхерам тІебоуьйту. Везачу Эло иштта боху: «Сайх дІаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгІазалла царна тІера дІаяьлла дела. Урхалчаш Далла гІуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХІунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гІоьнчий бу, зулам дечарна догІу таІзар цаьргахула деш ву Дела.
Выбор основного перевода