Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. Амма шайн куьйгаш дІа а деллий, цунна мел оьшург юхалург лолаш. „Декхарш дуьтуш долу ворхІалгІа шо тІекхочуш ду“, – боху цІена йоцу ойла шайн даг чу йожарх, варелаш, ларлолаш. Иза а аьлла, шайн къомах волчунна хьалха шу бІаьрмециг довла мега, цунна юхалург хІума а ца елла. Ткъа цо Везачу Эле латкъам бан тарло, тІаккха иза шуна къилахь лорур ду. ПаргІат юхалург ло цунна, шайн дегнаш чохь яппарш а ца еш. Аш иштта делча, шун Везачу Дала шун массо а гІуллакхашна тІехь а, шун куьйгаша мел дечунна тІехь а шу декъалдийр ду. Къен адамаш-м даим а хир ду шун махкахь. Цундела шайн комаьрша куьг кховдаде шайн лаьтта тІехь шайн къомах мел волчу къечунна я мискачунна». Декъала ву гІийлачун гІайгІа беш верг! Холчу хІоьттича, Везачу Эло паргІатвоккхур ву иза. qac Кqac*омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду, ларамца хьанал гІуллакхаш лелош верг ирсе хир ву. qac Тqac*оам боллуш дІало цо мискачу нахана, ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо. ХІуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица. Шен баганца аьллачуьнгахула стаг дикачух вузу, шен куьйгашца бинчу балхана йоггІу ял а лур ю цунна. Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неІалташ гулдо. Хьайн бепиг хин тІехула дІахеца, ткъа шен хан тІекхаьчча, иза юха карор ду хьуна. Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а». Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“. Нахана оьшург дІало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тІехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догІург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах». Цу тІе аса боху: кІезиг дІадуьйчо – кІезиг ялта схьагулдийр ду, ткъа комаьршаллица дІадуьйчо – алссам ялта схьагулдийр ду. Делан ницкъ бу шуна мел деш долу дика алсамдалийта. Цу тайпана, массо а хІуманна тІехь а, гуттара а шуна мел оьшург хир ду шун, ткъа цунах алссам дуьсур ду шуна муьлхха а дика гІуллакх дан.
Выбор основного перевода