Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен элашка пирІуно хаьттира: «ХІара стаг санна верг вайна кхин мила карор ву, шена чохь Делан Са а долуш?» ЦІеначу дагара аьлла дешнаш тамехь ду паччахьашна, бакъдерг дуьйцург лору цара. «Муха хуьлу тешаме а, кхетаме а волу ялхо? Иза ву вукху ялхошна тІехІоттийнарг, царна шен-шен хенахь яа хІума дІа а луш. Декъал хир ву, шен хьолада цІа веача, цунна иштта лелаш гун волу ялхо. Бакъдерг боху шуьга: хьоладас иза шен берриг а бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. Цигахь цхьа римхойн эскарера тІемалойн хьаькам вара Іаш. Оцу хьаькаман цунна чІогІа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Іуьллуш вара. ХІунда аьлча дика гІуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гІуллакхаш дечарна бу. Іедалах ца кхоьруш Іен лаьий хьуна? Дика де, тІаккха Іедало хьо хастор ву.
Выбор основного перевода