Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьаьнга дагардалур дара чан санна дукха долу Якъубан халкъ? Исраилан халкъан доьалгІа дакъа а хьаьнга дагардалур дара? Делан лаамехь волчун санна дІакхалхар хилахьара сан а! Цу халкъан санна чаккхе хилахьара сан а!» Цо со билггал вийна дІавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса. Іожаллин ІиндагІ долчу тогІи чухула со дІагІахь а, вонах кхоьрур вац со, хІунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Іасано синтем ло суна. Бакъду, ког шершачу меттиге дІа а хІиттийна, Ахь уьш тІепаза бойуьйтур бу. Тхайн дагахь-м тхаьшна даларан кхел йина моьттуш дара тхо. Иза хиллера, тхо тхайх тешна а доцуш, амма белларш а юхаденбеш волчу Делах тешна хилийтархьама. Везачу Эло муьлххачу а зуламах со кІелхьара а воккхур ву, Шен стигаларчу пачхьалкхе со дІа а вуьгур ву. Хастам хуьлда Цунна массо а заманчохь. Амин.
Выбор основного перевода