Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стаг дакъазавалале цуьнга куралла юссу, ткъа деза деттаро ког тасаболуьйту. Курачу стеган дог, цуьнан вожар хилале, ирхдоьду, ткъа ша лахара хеттачул тІаьхьа стеган сий хьаладер ду. Ша кхечарал лакхара хеташ верг лохха хІоттор ву, ткъа эсала са долчун сий хир ду. Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра». «И денош дІадевлча, аса, Набухди-Нецара, бІаьргаш стигала хьалахьажийра. Кхетам меттахІоьттира сан. Веза Воккхачу Далла хастам а бира ас, даим вехаш волу Дела ваз а вира ас. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан паччахьалла тІаьхьенашкара тІаьхьенашка ду.
Выбор основного перевода