Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам. Паччахьо Шена аьтту агІор болчаьрга эр ду: „Сан Дас декъалдинарш, шу тІедуьйла! Дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа шайна кечдина, Сан Олаллехь долу дахар дІаэца. Иза шуна деш долу совгІат ду, хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира. Со тІехь беркъа волчу хенахь аша Суна тІеюха хІума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тІаьхьадаьхкира“. ТІаккха Делан лаамехь болчара Цуьнга эр ду: „Веза Эла! Хьо меца а волуш, оха маца елла хьуна яа хІума? Хьо хьогах а волуш, оха маца делла хьуна мала хи? Хьо араваьлла лелачу хенахь оха маца эцна хьо тІе? Хьо беркъа ваьлла лелаш, оха маца йоьхна хьуна тІе хІума? Хьо тхуна маца гина цомгуш я набахти чохь? Тхо маца ихна тІаьхьа?“ Паччахьо цаьрга эр ду: „Аса баккъалла а боху шуьга: гІо оьшучохь хІокху Сан вежаршна, царах уггар ледара волчунна а, аша мел динарг Сан дуьхьа дина ду шуна“.
Выбор основного перевода