Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхел ечохь а, хІуманан йохалла билгалйоккхучохь а, хІума узучохь а, юстучохь а харцо ма лелае. Нийса терза а, герканаш а, бараман саьхьаш а хуьлда шун. Мисар-махкара шу арадаьхна шун Веза Дела ву Со. Шун тІоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а. Шун цІа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а. Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цІена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тІехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама. ХІунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета». Нийса терза а, терзанна тІера кедаш а – Везачу Элера ду, Цуьнгара ю тІоьрмаг чуьра ерриг герканаш а. Харц терза лелор а, харц саьхьаца озар а – ший а Везачу Элана дегаза хета. Дегаза хета Везачу Элана нийса йоцу герканаш, ткъа харц лело терзанаш Іеса хІума ду Цунна гергахь.
Выбор основного перевода