Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Сайн везарган аз хеза суна! Иза вогІуш ву, лаьмнашна тІехула кхиссалуш, гунашна тІехула лелхаш. Сан везарг соьга баха хІоьтти: «ХьалагІатта, сан хьомениг, сан исбаьхьаниг, араяла. Ломан чІожана чохь болу сан кхокха, тархашна юкъахь хьулъелла йолу хьо, гайтахьа суна хьайн юьхь, хьайн аз хазийтахьа суна, хІунда аьлча хаза ду хьан аз, юьхь а ю хьан исбаьхьа. Ерриг а хаза ю хьо, сан хьомениг, цхьа а сакхт дац хьуна тІехь! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бІаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхІар а къагийна. Цуьнан корта – цІена деши ду, цуьнан месаш, чІуг тухуш, хьаргІа санна, Іаьржа ю. амма цхьаъ бен йоцург – иза ю, сан къоркхокха, сан дашониг. Цхьаъ бен яц иза шен ненан, ша йиначун къастийна ю иза. Мехкарша, иза ган а гина, декъалйира иза, зуда-паччахьаша а, гІарбаш-зударша а хастийра иза. Исраилан халкъана тхи хилла дІахІуттур ву Со. Цо заза доккхур ду, петІамат-зезаго санна. Ливанунан дитто санна, шен орамаш тосур ду цо. Хьовсал! Со, неІарах пІелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неІ дІайиллинчун цІа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хІума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву.
Выбор основного перевода