Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо. Къамел дарна говза а ву хьо, цундела Дала абаденналц декъалвина хьо. Коьрта тІе а доьттина, АхІаронан можа тІехула, цуьнан бедарийн йистошка охьаоьху деза даьтта санна ду иза. Со Шарон-аренара акха зезаг ду, тогІи чуьра петІамат-зезаг ду. Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петІамат-зезагаш лахьо а. Со хьалагІаьттира, сайн везаргана неІ дІаелла. Деза даьтта дара сан куьйгаш тІера охьаІенаш, сан пІелгаш тІера Іенаш дара иза, неІаран тІома тІе Іенара иза.
Выбор основного перевода