Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Чухула агІор пенах тоьхначу аннашна тІехь гІабакхийн а, дІаделладеллачу зезагийн а куьцехь суьрташ дара дечигна тІехь аьгна дина. Массо а агІор баганан ханнаш тоьхнера, ткъа тІулг гуш а бацара. ЧІогІа заза доккхуш хуьлийла и аре, йоккха а еш, самукъане иза кхойкхийла. Ливанунан сийлалла цунна дІалур ду, Кармал-ломан а, Шарон-аренан а исбаьхьалла цунна лур ю. Везачу Элан сийлалла гуш хир ю, вайн Делан исбаьхьалла гур ю. Ливанун-махкара сийлахь дитташ – зоьзан а, базанан а, баганан а цхьаьний – хьуна схьадахьар ду. Цаьрца хаздийр ду Сан деза цІа, тІаккха Ас сийдийр ду Сайн когийн меттиган. Цуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цІастанах тера бара. Чухчарин гІовгІа санна дара Цуьнан аз. ТІаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тІе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тІехула стелаІад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цІерах богу бІогІамаш санна, бара.
Выбор основного перевода