Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8
Параллельные места
Хьан токхечу цІийнах дузуш ду уьш. Хьайх долучу диканан хица хьогалла дІайоккху Ахь церан. Вало, Іаббалц безаман кад муьйлур бу вайшимма! Вовшех марзо а оьцуш, сахиллалц Іийр ду вайшиъ, Сан дог йийсаре лаьцна ахь, сан йиша, сан нускал! Сан дог йийсаре лаьцна ахь, цкъа хьайн бІаьргийн нур а тоьхна, хьайн кочара цхьа жовхІар а къагийна. Мерза моз ду хьан багара Іенаш, сан нускал. Хьан матта кІелахь шура а, моз а ду. Ливанунах йогІучу хьожанах тера ю хьан бедарийн хьожа. Деза а, мерза а тайп-тайпана даьттанаш ду, хаза хьожа йогІучу массо а ковсташца а, дитташца а. Хаза хьожа йогІу сегІаз а, сарап а ду, тайп-тайпана духІиш а ду цигахь. Сан везарг шен беша воьссина, мерзачу бецийн хаьснаш долчу, бошмашкахь жа дажо а, петІамат-зезагаш лахьо а. Массо а ницкъийн Везачу Эло Цийон-лам тІехь массо а халкъан той хІоттор ду. Цу тойнехь жижиг а, чагІар а хир ду. Жижиг токхе хир ду, ткъа чагІар шира а, цІена а хир ду. Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Аш хІунда луш ду ахча шайна пайденна доцучух? Мах а луш, меца хІунда дуьсуш ду шу? Дика Соьга ла а догІий, мерзаниг дІадаа, тІаккха аша тоьллачу кхачанах дезар оьцур ду. Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш».
Выбор основного перевода