Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. ХІинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хІума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаІо Иза ницкъ болуш а ву». Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. ТІаккха гатанан духарца хиш тІехь лаьттачу стага аьтту а, аьрру а куьйгаш стигала а айина, даим вехаш волчу Делах дуй а бууш, олуш хезира суна: «Заманан а, заманийн а, заманан эханан чаккхенгахь а, Делан нехан ницкъ эшор чекхдаьлча, хІара дерриг а чекхдер ду». стигал а, латта а, хІорд а, царна чохь мел долу хІума а кхоьллина волчу, ерриг а тІейогІучу заманна волуш Волчун цІарах чІагІо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан. Цул тІаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхІ дашо бога делира. Ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш.
Выбор основного перевода