Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. Іаршана гобаьккхина кхин а ткъе диъ паччахьан гІант дара. Царна тІе хиъна ткъе виъ къано вара. Къаношна тІехь кІайн духар дара. Церан кортош тІе диллина дашо таьжнаш дара. Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.
Выбор основного перевода