Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хІума яра. ДІахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. Церан кортош тІехула нартол санна йолу хІума яра, ша санна цІена исбаьхьа лепаш а йолуш. Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. ТІаккха суна хьалахьаьжча, каруб-маликийн кортошна тІехула йолчу нартолна тІехь йолу хІума гира. Иза саппир олу беза тІулг санна лепара, иштта паччахьан гІантан куьцехь а яра иза. ТІаккха цІерах дІаийна долчу ангалин болуш санна, хІорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тІехь – шен цІеран терахь долчу цхьанна тІехь – толам баьккхинарш цу ангалин хІордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара.
Выбор основного перевода