Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дІаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тІе“». Цунна тІехула лаьттара сирап-маликаш. Церан хІораннан а ялх тІам бара: шинца цара юьхь дІакъовлура, шинца когаш къайлабохура, ткъа шинца тІема довлура уьш. Вовшашка кхойкхуш, бохура цара: «Веза ву, веза ву, веза ву массо а ницкъийн Веза Эла! Дерриг а латта Цуьнан сийлаллех дуьзна ду!» Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бІаьргех дуьззина дара. Церан дерриг а дегІ – букъ а, куьйгаш а, тІемаш а, иштта йиъ чкъург а – бІаьргех дуьззина дара. Дала лаьмнаш а кхуллу, мох а болуьйту, адамна Шен ойла дІа а хоуьйту, Іуьйренан серлонах бода а хуьлуьйту. Цо лакхара дерриге а лаьттана куьйгалла до. Цуьнан цІе ю – массо а ницкъийн Веза Дела. Векал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхІ тобане яздо: Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогІун волчу Делера а, иштта Цуьнан Іаршана хьалха лаьтташ долчу ворхІ синера а, «Со ву массо а хІума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогІун волу а Нуьцкъалниг».
Выбор основного перевода