Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?» Къаьмнаш дарделла дІахІиттира, амма хІинца Хьан оьгІазло а тІееана, Ахь беллачарна тІехь кхел ен хан а тІекхаьчна. Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а, Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а, лараме боцучарна а, цІеяхана болчарна а хьакъ дерг дІало хан а тІееана. Латта хІаллакдеш берш хІаллакбо хан а тІееана!» Стигалахь цхьа йоккха билгало дІахІоьттира. Цигахь малхах дина духар тІехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кІел бутт бара. Ткъа коьрта тІехь шийтта седа болу таж дара. Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. Делан оьгІазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагІар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Іахарна а хьалха цІергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву. Цу чоьнна чуьра, тІаьххьара хир болу ворхІ бала а бахьаш, ворхІ малик араделира. Царна тІехь яра дуткъачу кІадих йина цІена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара. Суна Делан цІа чуьра аз хезира. Цо ворхІ малике бохура: «ГІой, Делан оьгІазлонан ворхІе а боган чохь дерг лаьтта тІе охьадотта».
Выбор основного перевода