Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. Самаялахьа, самаялахьа, гІаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна. Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хІокху кедара ахь кхин мер дац. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Цу Іаршана хьалха чекх са гучу ангалих тера болу ангалин хІорд бара. Ткъа Іарш лаьттачу меттигна юккъехь а, Іаршана гонах а лаьтташ диъ дийнат дара. Хьалхā а, тІехьā а шорта бІаьргаш дара церан. Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара. Цу деъа а дийнатан хІораннан а гонах ялх-ялх тІам бара, ткъа царна чуьра схьакъегаш бІаьргаш бара. Цара, дийнаххьий, буьйсанний, сацам а боцуш, кхойкхура: «Веза ву, веза ву, веза ву Веза Эла, хилла волу а, волуш волу а, вогІун волу а массо ницкъийн Веза Дела», – бохуш.
Выбор основного перевода