Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. И Везачу Элан цІа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дІа шайн гІуллакх дан ца делира динан дайшка. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гІуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цІа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна. Церан аьзнаша Делан цІийнан неІсагІанаш егайора, ткъа цІа кІуьрах хьаладуьзира. Цул тІаьхьа цо со къилбаседехьа долчу кевнехула Делан цІенна хьалха схьавалийра. Со дІахьаьжча, Делан цІа хьаладуьзна долу Везачу Элан сийлалла гира суна. ТІаккха со бертал вуьйжира.
Выбор основного перевода