Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа а шу, Суна дуьхьал а девлла, Соьга ладугІуш ца хилахь, Айса ден долу таІзар ворхІазза совдоккхур ду Ас аш къинош леторна. Хьо Делан Іедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тІулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тІехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара. Ткъа оцу ворхІ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кІантах тера цхьаъ» вара. Цунна тІехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара.
Выбор основного перевода