Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. Лаьхьанийн тІаьхье! Жоьжахатих муха довла дохку шу? Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тІе, Дела оьгІазгІур ву кху халкъана. Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Іесаллина а, харцдолчунна а тІе стигалшкара Делан оьгІазло гучуйоккхуш ю. Іийсан цІийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кІелхьардевр ду вай Делан оьгІазлонах. Эрна хабарш дуьйцучаьрга цхьаьнгге а шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча уьш бахьана долуш тІейогІу муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло. Иштта дерг лелорна муьтІахь ца хуьлучу нахана Делан оьгІазло тІейогІур ю. Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант. таІзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кІелхьардовларх ца дашахь? И кІелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дІакхайкхийра, цул тІаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чІагІдира. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. Цара таІзар даран къематде тІедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Выбор основного перевода