Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу пачхьалкхаша олалла дечу деношкахь стигалшкара Дала кхуллур ю цкъа а йохалур йоцу, цхьана а кхечу къоме эшалур йоцу пачхьалкх. Цо аьтта дІайохуьйтур ю массо а пачхьалкхаш, ткъа ша-м лаьттар ю иза даим. Цу хенахь дуьйна схьа Іийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохуш. кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“. Цо олура: «Хан тІекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерзий, хазачу кхоах теша». ХІума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хІинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тІедерза аьлла, омра до Цо.
Выбор основного перевода