Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза иштта хир ду, Хьалдолчу Эло Цийонан зударий цІена ца хилар дІадаьккхича, Ярушалайм цунна тІерачу цІийх дІацІанйича. Цо иза дийр ду кхел яран а, цІеран а синца. Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХІара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тІаьхьа ВогІург, сол лакхара а хилла, дІахІоьттина, хІунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“». Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. Иза сол тІаьхьа вогІуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ долуш вац». Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду». Йогучу цІеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хІоранна тІехула севцира. Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. ТІаккха суна Везачу Элан дешнаш дагадеара: „Яхьъяс адамаш хих чекхдохура, ткъа шу Делан Синах дузур ду“. Юха ПахІала элира: «Яхьъяс хих чекхдахар, стаг, дохко а ваьлла, Далла тІевирзина аьлла, дара. Цо кхойкхура шена ТІаьхьавогІучух тешаре, ма-дарра аьлча, Іийсах тешаре». ХІунда аьлча: «Йиснарг кІезиг хан бен ма яц, тІаккха и ван везаш верг вогІур ма ву – иза хьелур вац.
Выбор основного перевода