Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. ТІаккха динан коьртачу дас, юккъе дІа а хІоьттина, хаьттира Іийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» – аьлла. Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» Цо Іийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира.
Выбор основного перевода