Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Сайна еттачарна букъ кІелхІоттийра Ас, ткъа Сайн маж дІаийзочарна – беснеш. Ас юьхь дІа ца лачкъийра, Сайна дов деш а, шеташ етташ а. «ХІай, тур! Айалохьа Сан жаІуьнна тІе, Суна уллора волчу стагана тІе, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Нагахь санна жаІуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагІий дІасадовдур ду. Ас Сайн куьг кІезиг болчарна дуьхьал хьажор ду. ТІаккха цхьаболчара Іийсана тІе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бІаьргаш дІа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хІинца!» ГІаролхоша а еттара Цунна. ХІарода а, цуьнан тІемалоша а, бела а бийлина, доггах Іийса сийсаз а вина, Цунна тІе дезачу, лепачу кІадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дІахьажийра.
Выбор основного перевода