Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгІазвахана волу хІора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Іовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таІзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хІума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цІера хьалха а хІоттийна, жоьпе озор ву. Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. ШолгІачу Іуьйранна массо а динан коьртачу дайша а, къаноша а гуламехь, цхьаьна а кхетта, Іийса вейта барт бира. Иза, дІа а вихкина, мехкан куьйгалхо волу Пулат волчу дІавигира цара. Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура: Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Іийса Делан цІийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Іелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тІе. Іийса динан коьрта да волчу цІа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Іелам нах а гулбеллера. Амма оцу юьртарчу наха Іийса тІе ца ийцира, хІунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла. ТІаьхьо, Іийса Делан цІийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тІебаьхкира динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а. Іуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Уьш болчу валийра Іийса. Цул тІаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гІаьттина, Іийса а эцна, Пулатана тІе бахара. Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гІишлона чу вигира Іийса. Цу хенахь Іуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гІишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.
Выбор основного перевода