Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кІелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргІатвоккхийла, Ша цунна реза велахь». Сох нах кхаьрдарг хилла, сох шайн бІаьрг кхетташехь, цара кортош а лестадо. qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» Іийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гІишлош? И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хІара Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дІахІоттор ду“, – аьлла». Іийсас жоп делира царна: «Аш хІара Делан цІа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дІахІоттор ду иза», – аьлла.
Выбор основного перевода