Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тІехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла. Іийсаца ши талорхо вара жІарах дІатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор. НатунаІила элира Іийсага: «Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар. Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хІетте а тешаме хир ву, хІунда аьлча Ша-Шех дІакъаьстийла дац Цуьнан».
Выбор основного перевода